Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІай нах! Мел дукха Іан дохку шу, Со сийсаз а веш? Эрна хІуманаш а дезаш, харцдерг а лоьхуш, мел лела дохку шу? Ахь суна делла денош цхьайолу шенаш санна бен дац. Сан оьмар Хьуна гергахь хІумма а йоцург ю. Билггал, хІора стеган дахар хІо санна бен дац-кх. Бехк адамах баккхарца, летийначу къиношна Ахьа цунна таІзар до, цунна дезаш мел дерг, нецо санна, Ахь кхаьллина дІадоккху. Билггал, хІора стаг хІо санна бен вац-кх! ТІех сиха ас элира: «Муьлхха а стаг харцлуьйш ву». Элех теший ма Іелаш, адамах бІобулий ма хилалаш, хьо кІелхьарваккха йиш ма яц церан. Шена чуьра са дІадаьлча, стаг лаьтте воьрзу. Цу дийнахь цуьнан дог-ойланаш а дІайовлу. Везачу Элана халкъаш хІумма а йоцург ю, хин тІадамал бен дац уьш Цунна. Терзанна тІера ченан буьртиг санна ду уьш. ГІайренаш, хІур санна, хьалаойу Цо. Дерриг а халкъаш Цунна хьалха хІумма а яц. Уьш хІумма йоцучу хІуманал кІезиг а, даьсса а лоруш ду Цуьнан. Цо баьччанех хІумма а йоцург йо, кху лаьттан куьйгалхой тІепаза бойу. ХІокху лаьтта тІехь долу адамийн дахар хІумма а доцург ду. Стигаларчу ницкъашна а, лаьтта тІехь бехачарна тІехь а Шена луъург деш ву Иза. Вац-кх цхьа а Цунна дуьхьало ян ницкъ болуш, я „Ахь хІун дина?“ – аьлла, Цуьнга вистхила бакъо йолуш. Дера дац! Дела тешаме ву, ткъа муьлхха а адам харцлуьйш ду. Яздина ма ду: «Айхьа дуьйцучохь Хьо нийса а ву, кхел ярехь Хьо тоьлур а ву».
Выбор основного перевода