Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо стагана цуьнан гІуллакхашка хьаьжжина ло доггІург, хІоранна а леларна хьакъ дерг дІало Цо. Къинхетаме а, дика а ву Веза Эла. Иза оьгІаз а атта ца воьду, ткъа Цуьнан безам а боккха бу. «Цунах лаьцна ца хаьара тхуна», – ахь алахь, дегнаш Зуьйшволчо оцу хІуманан тидам ца бо те? Хьан дахар лардеш Волчунна и хІума дика хууш ду хьуна! Ша динчу гІуллакхашка хьаьжжина, стагана доггІург дІалур ду Цо Амма Веза Эла волу Со цуьнан даг чохь дерг хаа йиш йолуш ву, цуьнан тешар зен йиш йолуш а ву, цу нахана царна доггІург дІадалархьама». Хьан хьехамаш баккхий а бу, Хьан гІуллакхаш нуьцкъала а ду. Хьан бІаьргашна гуш ду адамаша мел деш дерг, Ахьа хІоранна а цо диначуьнга хьаьжжина, цунна доггІург дІало. Ткъа аша боху: „Везачу Элан лелар нийса дац“. Исраилан халкъ, хьох хІоранна а, цо лелийначуьнга хьаьжжина, кхел йийр ю Ас». Ткъа тхан Хьалдолу Дела къинхетаме а ву, гечдеш а ву, Шена дуьхьал тхо эргІаддевллехь а. Адамийн КІант шен Ден сийлаллица, гонах маликаш а долуш, схьавеача, Цо стагана хьакъ дІалур ду, хІораммо а динчуьнга хьаьжжина. Нагахь хІораннах а озабезам ца беш, цо диначуьнга хьаьжжина кхел еш Волчух аша Дада олуш хилча, шаьш дуьнен чу даьхкина хьеший хилла йолу хан сийлаллин кхерам дагахь а болуш яккха. Дала хІоранна а, цуьнан гІуллакхашка хьаьжжина, йийр ю кхел. Дика гІуллакхаш а деш, сийлалла а, ларам а, хедар доцу дахар а лоьхучарна Ша волчохь долу хедар доцу дахар лур ду Цо. Ткъа дегала а болуш, билггал бакъдерг дІа а тоттуш, харцдолчунна тІаьхьахІуьттучарна Делан луьралла а, оьгІазло а хир ю. Зулам деш волчу хІоранна а гІайгІанаш а, баланаш а хир бу, цкъа хьалха жуьгташна, тІаккха кхечу къаьмнех болчарна! Мелхо а, сийлалла а, ларам а, синпаргІато а хир ду дика деш волчу хІоранна а, цкъа хьалха жуьгташна, тІаккха кхечу къаьмнех болчарна! ХІунда аьлча Дала озабезам ца бо цхьаьнгге а. Ткъа харцонаш лелочунна, ша лелийначу харцоне хьаьжжина, таІзаран ял кхочур ю. Дала цхьаьнгге а озабезамаш ца бо.
Выбор основного перевода