Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъе ялхитта стаг вийра царах ГІай-гІалин бахархоша. Шайн кевнера лаьхкина, тІулг боккхучу метте кхаччалц дІабигира цара и исраилхой. Лам тІера чубуьссучу хенахь байира уьш ГІай-гІалин бахархоша. Доьналлех боьхначу исраилхойн дегнаш дегадора. Тхо лийр ду, лаьтта Іанийна долу, юха схьагуллур доцу хи санна а хуьлуш. Амма Далла ца лаьа са хІаллакдан, мелхо а, Цо ойланаш йо, наха дІатеттинарг Шена уллора кхин дІа ца таттийта. Цара шайн меттанаш, тарраш санна, ирдо, ткъа шайн дешнаш, дІаьвше пхерчий санна, тІекхуьссу. qac Цqac*у суьрте хьоьжуш волу Іесаниг оьгІазгІур ву, шен цергаш а хьекхош, иза къайлавер ма ву. Іесачеран лаамаш хІаллакьхир бу. Моша кхечу олхазарша дина долчу хІоаш тІе тевна даккха охьахоу. Иштта ву хьарам хьал гулдина волу стаг. Шен дахар юккъе даьлча, иза и хьал дита дезаш а хир ву, шен дахар чекхдолучу хенахь юьхьІаьржачу а хІуттур ву.
Выбор основного перевода