Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Іеса нах хир бу, дІакхуссуш долу кІохцалш санна, цхьаммо а куьйгаца схьаоьцуш доцу. Накхармозийн жІугано санна, суна го бинера цара, амма чах яьлла цІе санна, уьш сихха дІабайира. Везачу Элан цІарца ас уьш эшийра. ШайтІанан мох хьаькхча – Іеса нах кхин бац, ткъа хьанал нах онддачу бух тІехь лаьтташ бу. Амма хьо, адаман кІант, царах ма кхера. Хьо ишттачу церан къамелах а ма кхера. Кхера ма кхера, хьуна гонах уьш кІохцалш а, коканан коьллаш а санна белахь а, сту лоцучу гезгашна юкъахь Іаш санна хьо хилахь а. Церан къамелех а, царах а ма кхера, уьш духахьарчу тайпанах белахь а.
Выбор основного перевода