Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Мел лелар ду те шу, харцкхелаш еш? Мел лелар ду те шу, Іесачарна озабезам а беш? Ас элира: „Шу деланаш ду, Веза Воккхачун кІентий а ду шу дерриш а“. Амма шу лийр ду, адамаш санна, шу хІаллакьхир ду, муьлхха а куьйгалхо санна». Ахьа, шайх дош ца далалуш, багахь мотт боцучаьргахьа а озалахь, бо бисиначаьргахьа бакъонца гІо а даккхалахь. Иштта, ахьа цаьргахьа дош а алалахь, царна тІехь нийса кхел а яйталахь. Къечеран а, мискачеран а бакъонаш ларъяр тІехь хьайн нийса дош алалахь».
Выбор основного перевода