Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас Везачу Элан цІе хьалаойур ю. Вайн Далла дІало сийлалла! Иза тарх а ю, Цуьнан гІуллакхаш кхоччуш а ду. Цуьнан дерриге а некъаш нийса ду. Иза тешаме Дела ву, Цо харцо а ца йо. Иза нийса а ву, билггал бакъ а ву. Амма бакъахьа леларг, цаьрга а хьоьжуш, церан дакъазадийлар а гуш, сакъералуш хир ву, цІена верг царах воьлуш а хир ву: Делан лаамехь верг самукъадаьлла хир ву, ша Везачу Элаца цхьаьна хиларна. Цо Везачу Эле ша ларвойтур ву. ДогцІена болчу массара а Цунна хастамаш бийр бу. Царна хІумма а ца гайта, церан бІаьргаш кхулийла. Церан баккъаш гуттаренна а ситтина хуьлийла. Хьайн бІаьргашца гур ду хьуна зуламечу нахана таІзар хуьлуш. ГІалина арахьа лаьттачу муттдоккхурга чохь и кемсаш Іаьвдира. ТІаккха цу чуьра цІий охьадахара, говрийн дуьрстанашна тІе кхаччалц хьала а долуш. Иза кхо бІе чаккхарма хиллал гонах дІасадаьржира.
Выбор основного перевода