Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь цхьаммо шен нигатца я даггара леларца Везачу Элана лерина бертан сагІина доккха я жима дийнат далийнехь, иза сакхт доцуш хила деза, Дела цунна резахилийта. Дийнаташна тІехь цхьа а сакхт хила йиш яц. БІаьрзе я лазийна, я цІармата, я цомгуш долу, я даьІнаш долу, я чераш долу дийнат Везачу Элана лерина ма даладе. Царах цхьа а, Везачу Элана лерина цІера тІехь даьккхина сагІа санна, сагІа доккхучу кхерча тІе ма дилла. ТІех беха я боца когаш болу старгІа я Іахар даггара леларца долчу сагІина дало мегар ду, амма нигатца доккхучу сагІина уьш мегар дац, Дела резахир вац ишттачу хІуманна. Ахьа Далла сагІина хьайн хастамаш а бе, айхьа Веза Воккхачунна дина нигат кхочуш а де. Ахь динчунна гуттар а Хьуна хастам бийр бу ас. Хьан цІарах догйовха хилла, иза хастор ю Хьуна тешамечу нахана хьалхā.
Выбор основного перевода