Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сох лаьцна аьлча, со догцІена хиларна со лоттуьйту Ахь. Ткъа со гуттаренна а Хьайна уллохь дІахІоттаво Ахь. Веза Эла везаш дерш, ма дезийша вониг! Цо Шен долахь болчеран синош лар а до, Цо уьш Іесачеран карара схьа а боху. Веза Эла соьца ма ву, со цхьана а хІуманах кхоьрур вац. ХІун дийр дара суна стага? Веза Эла соьца ву, Иза сан гІоьнча ву: со сан мостагІашка толамца хьожур ву. Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чІагІ а дийр ду, хьуна гІо а дийр ду. Со хьуна гІортор хилла дІахІуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца. Цундела вай майрра боху: «Веза Эла ву сан гІоьнча, со хІуманах а кхоьрур вац. ХІун дийр дара суна стага?»
Выбор основного перевода