Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Даудана гуш дара, Шаул ша вен араваьлла хилар. Цу хенахь Дауд Зип олучу яьссачу арахь йолчу Хьорша цІе йолчу меттехь вара. Іесачун кІорггера даг чуьра аьрхалла йистхуьлу цуьнга. Цуьнан бІаьргаш чохь Делах кхерар дац. Сан са хІаллакьхилар лоьхурш юьхьІаьржачу а хІуьттийла, царна эхь а дуссийла! Суна зулам хила луурш, юьхьІаьржачу а хІиттийна, юха а берзабойла! Дела! Кура нах бевлла суна дуьхьал, зуламхойн гІера ю сан са лоьхуш. Хьоьга ларам бац церан.
Выбор основного перевода