Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъана кІелхьардалар Цийон-лома тІера догІур делахьара! Шен халкъ Везачу Эло юхаметтахІоттийча, Якъубан тІаьхьенан сакъералур дара, Исраилан халкъан самукъадер дара. Веза Эла! Хьайн махкана диканиг дина Ахьа, Якъубан тІаьхье юхаметтахІоттийна Ахьа. Цундела Хьалдолчу Эло боху: «ХІинца Ас Якъубан тІаьхье юхаметтахІоттор ю. Ас къинхетам бийр бу дерриг а Исраилан халкъах, иштта Сайн еза цІе Ас ларйийр ю. Хьуна а, ЯхІудан халкъ, таІзаран ялта чудерзо хан билгалъяьккхина». «Сайн халкъан аьтто бар Аса карладаьккхича, «Оццу деношкахь а, оццу хенахь а Ас юхаметтахІоттор ю ЯхІуд а, Ярушалайм а. Кху дерригенах а тоьшалла деш Волчо боху: «И бакъ ду, Со кестта вогІур ву». Амин. Волахьа, Веза Эла волу Іийса!
Выбор основного перевода