Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ара а ваьлла, Асина тІе а вахана, цо элира: «Аса-паччахь, ахьа а, массо а яхІудхоша а, бен-яманхоша а, ладогІа соьга! Веза Эла а шуьца хуьлу, шу Цуьнца хилча. Аша И лахахь, шуна карор ву Иза. Ткъа аша Иза дІатасахь, Цо шу а дІатосур ду. Делахь а, хьох диканиг доллуш а карийна Цунна, хІунда аьлча, ЯхІуд-махкара Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш дІа а даьхна, хьайн дог Дела лахарна тІедерзийна ахьа». Веза Эла стигалшкара охьахьоьжу, массо а адамийн кІентий го Цунна. Лакхенгахь йолчу Шен езачу меттера Веза Эла охьа а хьаьжира, стигалшкара дуьнене Цо бІаьрг а туьйхира,
Выбор основного перевода