Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Сонтачара шайн дагахь боху: «Дела вац». Ма телхина нах бу уьш, цара лелориг мел дегаза хІума ду. Диканиг дийриг цхьа а вац царах. Стигалшкара адамашка охьахьоьжу Веза Эла, цхьа а кхетамехь верг а вуй те, Дела лоьхург а вуй те, Шена гархьама. Берриш а нийсачу некъах тилла, уьш массо а талхарх буьзна. Царах цхьа а вац диканиг дийриг, ур-атталла цхьаъ-м вац. Кхетаме богІур болуш а бац те харцонаш лелош мел берш, шаьш бепиг дууш санна, сан халкъ дІакхоллурш, ткъа Везачу Эле ца кхойкхурш? ЦІеххьана царна тІе кхерам тосур бу, Дела Шен лаамехь болчаьргахьа ма ву. Декъазчо ечу ойланех шу кхаьрдаш делахь а, Везачу Эле цо ша лар ма войту! Исраилан халкъана кІелхьардалар Цийон-лома тІера догІур делахьара! Шен халкъ Везачу Эло юхаметтахІоттийча, Якъубан тІаьхьенан сакъералур дара, Исраилан халкъан самукъадер дара. Яздина ма ду: «Далла хьалха цхьа а бакъ вац. Цхьа а кхетам болуш а вац, цхьа а Дела лоьхуш а вац. Массо а адамаш Делах дІадирзина, берриш а галбевлла бу. Цхьа а диканиг дийриг вац, ур-атталла цхьаъ-м вац. Дозаллаш дарца Іесачунна моьтту, ша цхьаммо а жоьпе озор вац, Цуьнан цхьана а ойланехь Дела вац.
Выбор основного перевода