Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас Сайн оьгІазло шуна дуьхьал яссор ю, тІаккха шу мостагІаша эшор ду. Шуна тІехь олалла дийр ду цара. Шу довдур ду, тІаьхьаваьлла цхьа вацахь а. Шух дийна бисначеран дегнашка кхерам тосур бу Ас, уьш мостагІийн мехкашкахь Іачу хенахь. Дегочу гІанан гІовгІанах а бовдур бу уьш. Туьрах санна, бовдур бу уьш, охьа а оьгур бу, цхьа а тІаьхьа ца ваьллашшехь. Цхьаммо латта охуш а, доькъуш а санна, вайн даьІахкаш а дІасакхиссина ю, эхартан баганна уллохь а Іохкуш. Іеса стаг ведда лела, шена тІаьхьаваьлла лелаш цхьа а воццушехь, ткъа дика стаг, лом санна, майра хуьлу. Исраилхойн декъий Ас церан цІушна хьалха охьадохкур ду, ткъа шун даьІахкаш шун сагІа доккхучу меттигашна гонах охьакхуьссур ю. Цундела аса, хьох кхоьруш, ваха а вахана, хьан деши лаьтта буха доьллира. Хьажал, хьан деши кхузахь ду хьуна“.
Выбор основного перевода