Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигалш сакъералойша, латта даккхийде! ДІаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву!» Деха соьга, тІаккха Ас лур ду хьуна тІаьхьалонна халкъаш а, хьан долахь хилийта дерриг а латта а, цуьнан йистошка кхаччалц. ХІунда аьлча Везачу Элан ду паччахьалла. Цо дерриге а къаьмнашна тІехь олалла до. Исраилан халкъан Іу, ладогІахьа! Юсупан тІаьхье, жа санна, дІадуьгуш верг, каруб-маликашна тІехула йолчу Іаршана тІехь хиъна Іаш верг, Хьуо гайтахьа Стигалшкахь дІахІоттийна Везачу Эло Шен олаллин гІант. Олалла до Цо доллучу хІуманна а тІехь. Вай дуьйцуш долчунна юкъахь коьртаниг хІара ду: стигалшкахь Веза Воккхачун гІантана аьтту агІор Іаш динан коьрта Да ву вайн.
Выбор основного перевода