Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шамъала халкъе элира: «Гой шуна, Везачу Эло мила хаьржина? И санна верг дерриг халкъана юкъахь кхин вац». ТІаккха наха мохь бетташ бохура: «Декъала хуьлда паччахь!» ТІаккха Дауда УръяхІуга элира: «Кхин цхьа де а даккха кхузахь, кхана аса дІавохуьйтур ву хьо». Кханалера де тІекхаччалц, УръяхІу Ярушалаймехь сецира. КІелхьардахахьа тхо, тхан Веза Дела, схьагулдехьа тхо кхечу къаьмнашна юкъара, тхоьга Хьайн цІе хастаяйта а, Хьуна хастам барх тхоьга дозалла дайта а. Делахь, шу самукъадаларца арадевр ду, машарца новкъа а дохур ду. Лаьмнаша а, гунаша а шуна хьалха эшарш лоькхур ю, аренашкарчу дитташа шайн тІараш деттар ду.
Выбор основного перевода