Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а паччахьаш цунна хьалха охьатеІар бу. Массо а халкъаша цунна хьалхара гІуллакх дийр ду. Везачу Элера ду тхан турс, Исраилан халкъан Везачуьнгара ву тхан паччахь. Хьо, Веза Эла, дерриг а дуьнен тІехь уггар лекханиг а ву, массо а деланел а кхоччуш лекха а ву. Исраилан халкъ мах баларца ПаргІатдаьккхинчо, цуьнан Веза Дела волчу Везачу Эло, нахана дегаза хеташ волчу а, къаьмнашна ца везаш волчу а куьйгалхойн Ялхочуьнга иштта боху: «Паччахьаш, Хьо ган а гина, хьалагІовттур бу ларамца. Паччахьийн кІентий а, Хьо ган а гина, лохха охьатаьІар бу, хІунда аьлча тешаме волчу Везачу Эло, Исраилан халкъан Везачу Дала, хаьржина Хьо». Паччахьаш дай санна хир бу хьуна, паччахьийн зударий наной санна хир бу. Уьш хьуна хьалха охьатаьІар бу, цара хьан когашкара чан юур ю. ТІаккха хуур ду хьуна Со Веза Эла вуйла. Ас гІо даре сатуьйсуш верг дохковер вац». Ткъа и сунтвар цунна билгалонна дина дара, шен тешарехула Дала иза Шена хьалха бакъвина лерина гойтуш. Ткъа иза сунтвале хьалха Дала Шена хьалха бакъвина леринера. Иштта иза сунтбаза болчарах массо а тешачеран да хилла дІахІоьттира. Церан тешар бахьана долуш Дала уьш Шена хьалха бакъбина лору. Иштта, ИбрахІим вукху тобанан а да хилла дІахІоьттина. Сунтдар тІеэцна хилла а ца Іаш, вайн да волчу ИбрахІиман сунтвале дуьйна долчу тешаран ларашца лела массо а сунтбинарш цу тобанна юкъабогІу.
Выбор основного перевода