Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауда а, дерриг а Исраилан халкъо а Везачу Элан деза тІорказ, хазахетарца маьхьарий а детташ, коьман маІаш а лоькхуш, схьадахьаш дара. Хьо хьала ма велира цу ламанан боххье, йийсарехь болчарна хьалха а хІуттуш. Адамашкара Ахьа, Веза Эла, совгІаташ тІеийцира, ур-атталла Хьо вехачу шахьарна дуьхьалбевллачийн карара а. Гуш дара, Дела, Хьан сийлахь болар, сан паччахь волчу Делан Шен цІа чу валар. Хьалхабевлла боьлху эшарш лоькхурш а, царна тІаьхьахІиттина богІу зурманчаш а. Ткъа юкъарчу могІарехь, вотанаш а етташ, мехкарий а ма бу. Турбанаш а, маІаш а лоькхуш, самукъадолуш хила Паччахь волчу Везачу Элана хьалха. Иза а аьлла, церан бІаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Іийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира. Охьавеанарг а, Шеца массо а хІума дузархьама, массо а стигалел Лакхаваьлларг а Цхьаъ ву.
Выбор основного перевода