Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
СагІа доккхучу хенахь Абушалама шена тІе гилохо волу Ахьи-Тупал Гило-гІалара кхайкхира, Даудан хьехамча волу. Абушалама къайлаха беш болу барт чІагІлуш бара, цунна гонах дукха нах схьагуллуш бара. Ткъа сан мостагІа вац со емалвийриг – иза-м ас ловр дара. Суна кураллаш йийриг со цавезарг вац – цунах-м со къайлавер вара. Амма хьо ма ву иза, сан тайпанара верг – сан уллора доттагІа, со тешна Іаш верг. Денна а мостагІаша хуьйцу сан дешнаш, сох йолу церан ойланаш зуламна ю. Дукхахболчеран шабар-шибарш хеза суна: «Массанхьа а вайна къемат ду! Вай иза емалван ма веза!» Соьгара гІалат даларе а хьоьжуш, сан массо а доттагІаша боху: «Иза Іехо мегар ву. ТІаккха иза эшор ву вай, цунна бекхам а бийр бу». Шу шайн бартхоша дозанан йисте кхаччалц дІалохкур ду. Шуьца бертахь бехачара, шу ле а дина, эшор ду. Шуьца цхьаьна шуьне ховшучара шу Іовжор ду. Цара эр ду шух лаьцна: „Мичахь ду церан дерриг а хьекъал?“» ТІаккха парушхой, ара а бевлла, шайна юкъахь барт беш хилла, Іийса дош харцдаьллачу меттехь муха лоцур вара техьа бохуш. ДІа а тевжина, уьш хІума юуш бохкуш, Іийсас элира: «Баккъалла а боху шуьга, Соьца кхача бууш волчу шух цхьаммо ямартло йийр ю Суна». Шух массарах лаьцна ца боху Ас иза. Суна бевза Айса хаьржинарш. Амма кхочушхила деза Делан Йозанаш тІехь яздина долу: „Соьца бепиг дууш волчо Суна тІе куьг айина“, – боху дешнаш.
Выбор основного перевода