Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахьо ЦІадукъига элира: «Делан тІорказ гІала юха дІахьо. Нагахь санна Веза Эла суна реза велахь, Цо со цига юха а верзийтина, суна Шен тІорказ а, и лаьтта меттиг а кхин а гойтур ю. Нагахь санна Иза суна реза воцуш хилахь, Шена луъург дойла Цо суна». Сан доттагІашна а со боьха хета, суна безнарш а суна дуьхьалбевлла. Ткъа сан мостагІа вац со емалвийриг – иза-м ас ловр дара. Суна кураллаш йийриг со цавезарг вац – цунах-м со къайлавер вара. Амма хьо ма ву иза, сан тайпанара верг – сан уллора доттагІа, со тешна Іаш верг. Вайшиммо вовшашка дагара а дуьйцура, адамийн тобанна юкъахь вайшиъ цхьаьна Делан цІийнан керта а воьдура. Цуьнца цхьана шуьне хуьйшу нах а иза хІаллакван гІертар бу. ТІаккха цуьнан эскар дІасадаьржар ду, дуккха а байинарш а хир бу. Іийсан шийтта мурдах цхьаъ волчу ЯхІуд-Искархочо, динан коьрта дай болчу а вахана, элира: «Суна хІун лур ю аша, аса Иза шайна дІалахь?» Цара ткъе итт дети ахча лур ду шаьш элира. ХІеттахь дуьйна ЯхІуд-Искархо Іийса цаьрга дІавала аьтто лаха волавелира. ТІаккха Іийсас элира: «Аса баккъалла а боху шуьга: шух цхьаммо Суна ямартло йийр ю». ЧІогІа халахетарца уьш Цуьнга баха буьйлабелира: «Эла, со-м хир ма вац иза!» Церан хаттарна жоп луш, Цо элира: «Соьца хІокху кеда чу куьг кховдийначо Суна тешнабехк бийр бу. Ткъа Адамийн КІант, Делан Йозанашна тІехь Цунах яздина ма-хиллара, кху дуьнен чуьра дІавоьдуш ву. Амма декъаза ву Цунна ямарта верг! Цунна дуьнен чу ца валар гІоле яра!» Тешнабехк бан кечвелла волчу ЯхІуд-Искархочо элира: «Хьуна иза со ву-м ма ца моьтту, Устаз!» Іийсас цунна жоп делира: «Иза ахьа боху!» Іийсас иза олучу хенахь веана схьакхечира шийттаннах цхьаъ волу ЯхІуд. Цунна тІаьхьахІоьттина адамийн тоба яра, карахь таррашший, хьокхий а долуш. Уьш динан коьртачу дайший, къаноший схьахьажийна хилла. Іийсана ямарта волчо билгало йинера цаьрга: «Аса барт баьккхинарг Иза хир ву шуна, – аьлла, – Иза схьалаца». Цу сохьта Іийсана тІе а вахана, цо элира: «Маршалла ду Хьоьга, Устаз!» Цул тІаьхьа Цунна барт баьккхира. Іийсас цуьнга элира: «Къонах, айхьа кхуза деана долу гІуллакх кхочушде». Цара Іийса, тІекхетта, схьалецира. ТІаккха ЯхІудана-Искархочунна чу иблис дуьйлира. ЯхІуд Іийсан шийтта векалх цхьаъ вара. Цо, динан коьртачу дайшна а, Делан цІийнан гІаролхойн хьаькамашна а тІе а вахана, Іийса царна дІаваларх лаьцна къамел дира. Самукъадаьлла, цунна ахча дала барт хилира церан. ЯхІуд иза схьаэца реза хилира. Іийса царна дІавала аьтто лоьхура цо, Цунна уллохь халкъ доцучу хенахь. Суна ямарта волчун куьг а ду Сайчунна уллохь стоьла тІехь. Адамийн КІантаца хиндерг билгалдаьккхина ма-хиллара хир ду, амма декъаза ву Цунна ямарта верг». ТІаккха уьш вовшашка хетта буьйлабелира, Іийсана ямарта верг мила ву бохуш. Іийсан къамел чекх ца даьллера, адамийн тоба гучуяьлча. Хьалха ваьлла вогІура шийта векалан тобанан юкъахь хилла ЯхІуд. Иза Іийсана тІевеара – Цунна барт баккха. Іийсас хаьттира: «ЯхІуд, барт а боккхуш, ямарта волуш ву хьо Адамийн КІантана?» Шух массарах лаьцна ца боху Ас иза. Суна бевза Айса хаьржинарш. Амма кхочушхила деза Делан Йозанаш тІехь яздина долу: „Соьца бепиг дууш волчо Суна тІе куьг айина“, – боху дешнаш. И къамел дича, Іийсан са бІарзделлера. Цо, тоьшалла деш, элира: «Бакъдерг боху Ас шуьга, шух цхьаммо ямартло йийр ю Суна». ТІаккха мурдаш, цецбевлла, вовшашка хьоьжура, Цо хьанах лаьцна боху ца кхеташ. Мурдех Іийсана къаьсттина везаш волу цхьаъ Цуьнан некха тІе тевжина Іаш вара. Оцу мурде ШамІа-Кипас хичаш йира, и Цо вуьйцург мила ву те, Іийсага хаттахь аьлла. Оцу мурдо, Іийсан некха тІе корта а биллина, хаьттира Цуьнга: «Веза Эла! Мила ву иза?» – аьлла. Іийсас жоп делира: «Аса хІара баьпкан юьхк, кеда чу а Іоьттина, дІакховдон ерг ву». ТІаккха Іийсас баьпкан юьхк, кеда чу а Іоьттина, ШамІа-Искархочун кІанте ЯхІуде дІакховдийра. ЯхІуда и баьпкан юьхк схьа-ма-ийцци, цу сахьттехь, цунна чу иблис дуьйлира. ТІаккха Іийсас элира ЯхІуде: «И хьо дан воллург сихха дей вала». Амма Іийсана юххехь дІатевжина Іаш болчех цхьа а ца кхийтира, Іийсас стенах лаьцна боху цуьнга. ЯхІудехь ахча долу тІоьрмаг хиларна, царах цхьаболчарна моьттира, Іийсас цуьнга: «Дезачу денна вайна оьшург эца», – я: «Мискачарна сагІа ло», – боху. Ткъа ЯхІуд, и баьпкан юьхк схьа а эцна, цу сахьтехь аравелира. Арахь буьйса яра. Иштта ЯхІуд а веара цига, шеца римхойн тІемалойн тоба а, динан коьртачу дайша а, парушхоша а хьовсийна гІаролхой а балош. Церан карахь стогарш а, цІераш латийна хаьштигаш а, герз а дара. «Вежарий! Делан Йоза кхочуш ца хилча ца долу. Іийса лоцуш болчарна тІехь куьйгалла дина волчу ЯхІудах лаьцна хиндерг Делан Сино Даудехула аьлла дара оцу Йозан тІехь.
Выбор основного перевода