Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІийлачеран а, байн а бакъонаш ларъе, къенаш а, мисканаш а бехказабаха. ГІийланаш а, мисканаш а кІелхьарбаха. Уьш Іесачу нехан карара схьабаха. Шена уллорачух ца вешачо къа латадо, ткъа къечаьрца къинхетаме верг декъала ву. Цундела, паччахь, хуьлийла сан хьехам хьуна диканна. Нийсо а лелаяй, хьайн къиношна геч а дайта, къечаьрца къинхетаме а хилий, хьайн харцонаш дІа а яха. ТІаккха хьан беркате хилар дахдала мега“. Іийсас, цуьнга хьажа а хьаьжна, и везавелла элира: «Цхьа хІума юкъахдитина ахьа. Хьайн долахь мел дерг дІа а дохкий, къечарна дІасадекъа, тІаккха стигалахь жовхІар хир ду хьан. Цул тІаьхьа, схьа а волий, Суна тІаьхьахІотта». Айхьа шун хІоттош, къенаш, заьІапнаш, астагІнаш, бІаьрзенаш кхайкха.
Выбор основного перевода