Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен лаамехь волчунах бІаьрг ца бадабо Цо, ткъа паччахьашка санна цуьнга олалла дойту, лекхачу даржехь иза хилийтархьама. Хьайн лерг тІе а дай, ладогІахьа, Веза Эла, Хьайн бІаьргаш схьа а беллий, хьажахьа, Веза Эла. ЛадогІахьа Санхьариба, дийна Дела волу Хьо емалвеш, мел дуьйцучуьнга. Цара мел хьегначу баланашкахь, Цо а бала хьегна. Цуьнан уллорачу малико кІелхьарбаьхна уьш. Шен безамца а, къинхетамца а Цо паргІатбаьхна уьш. Цо, схьа а эцна, дерриге а ширачу заманашкахь лелийна уьш.
Выбор основного перевода