Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьа бакъдолчу дахаран некъ суна гайтина, Хьуна уллохь хиларна хазахетарх со вузор ву Ахь, Хьан аьтту агІор со леларна, абаденналц а там суна хуьлуьйту. Цхьа татол ду Делан гІалин самукъадоккхуш. Веза Воккха Дела Іаш волу еза меттиг ю цигахь. Декъала ву Ахь хаьржинарг, Хьайн керташкахь Іайта Хьайна тІеозийнарг! Тхо Іаьбна хир ду Хьан цІийнан диканах, Хьо Іаш йолчу меттиган еза хиларх дузур ду тхо. Массо а ницкъийн Везачу Эло Цийон-лам тІехь массо а халкъан той хІоттор ду. Цу тойнехь жижиг а, чагІар а хир ду. Жижиг токхе хир ду, ткъа чагІар шира а, цІена а хир ду. ТІаккха малико суна гайтира шена чохь дахаран хи долу шовда. ЦІеначу ангалих тера цІена хи дара иза. Делан а, Іахаран а Іаршера схьадолура и шовда.
Выбор основного перевода