Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло декъала йойла хьо, ахь бинчу оцу дикачу балхана! Буьззина мах хадабойла Исраилан халкъан Везачу Дала, Цуьнан тІома кІел хьо ларъяйта еанчу хьан!» – жоп луш, элира БоІаза. Ларийша кІант, Иза оьгІаз ца вахийтархьама а, шаьш хІаллак ца дайтархьама а шайн новкъахь. Цуьнан оьгІазвахар цІеххьана чІагІлур ду. Декъала бу Цуьнга шаьш ларбойтурш массо а! Хьайн тІемийн ІиндагІехь хьулвехьа со, йоІбІаьрг санна, ларвехьа со Мел дукха ду-кх Хьоьгара долу дика, Хьоьга ларамах буьзначарна дала Ахьа кечдина долу. Хьоьга шаьш лардойтуш долчу массо а адамашна хьалха дІало Ахь иза! Къинхетам бехьа сох, Дела, къинхетам бехьа, Хьох ю сан дегайовхо. Хьан тІома кІел лечкъар ву со, сайн бохамаш дІабовллалц.
Выбор основного перевода