Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан къуьда сан коьрта тІехула богуш а болуш, ткъа со Цуьнан серлонехь боданехь санна лелла хан! «Сан къомера ши зулам даьлла: дийна хи чохь долу шовда санна волу Со а витина, цара шайна чохь хи соцуш йоцу йохийна гІунаш яьхна». И бакъйолу Серло дуьнен чу йогІуш яра, Цо муьлхха а адам серла а доккху. Іийсас иштта жоп делира цуьнга: «Дала дина дика а хьайна довзахьара, хьайга хи доьхург мила ву а хаьахьара, ахь-айхьа доьхур дара Цуьнга хи. Ткъа Цо хьуна „дийна долу хи“ лур дара». Ткъа аша хІуъа а Сан цІарах дехахь, Ас кхочушдийр ду иза». Церан бІаьргаш схьадиллина, боданера серлоне а баьхна, иблисан олаллина тІера Далла тІеберзор бу ахь уьш, царна гечдар хилийтархьама а, Сох болу тешам бахьана долуш, Делан базбинчу нахана юкъахь церан меттиг хилархьама а“». Амма шу къастийна тайпа ду, Паччахьан лаамехь болу динан дай, деза халкъ, Делан долахь дерш, боданера Шен исбаьхьчу серлоне Кхайкхинчун сийлахьчу гІуллакхех лаьцна шуьга дийцийтархьама. ХІунда аьлча: «Боданера серло схьакхетал!» – аьлла волчу Дала тхан дегнаш серладаьхна, Ша леррина къобалвинчу Іийсан юьхь тІехь лепаш йолчу Делан сийлаллех болчу кхетаман серло вайн хилийтархьама. Кхин а Цо соьга элира: «Со ву массо а хІума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а. Хьогах волчунна Ас бакъо лур ю дахаран хи долчу шовдан чуьра маьхза хи мала.
Выбор основного перевода