Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза стигалел лекха ду – муьлха адам цига кхачалур ду? Иза эхартал кІорга ду – муьлхачу стагана иза хаалур ду? Хьан нийсо, Дела, стигалшка а кхочу, инзаре гІуллакхаш дина Ахь. Дела, мила ву Хьоьга кхочуш? Хьан некъ хІорда юккъехь бу, доккхачу хишна юккъехула дІабоьду Хьан некъ, амма Хьан лараш ца гинера. Даккхий ду Хьан гІуллакхаш, Веза Эла, кІорга ю Хьан ойланаш! Бежанашка яийта Ахьа буц хьалайолуьйту, адамаша лелош долу ораматаш а хьаладовлуьйту. Иштта, цара лаьттара кхача кхиабо, адаман дог самукъадаккха чагІар а до, цуьнан сибат къаго зайтдаьтта а до, дог чІагІдеш долу бепиг а до. Муха хетар дац Суна къа, шайн аьтту куьг аьрручух къасто а ца хууш, бІе ткъа эзар адам а, шортта даьхни а шен чохь долуш йолчу йоккхачу Нунав-гІаланах?» ЭхІ, ма барам боцуш хьал долуш ду-кх Делан хьекъалалла а, кхетам а! Вайн хьекъал ца кхочу Цуьнан сацамех кхета, вай тІаьхьа ца кхиало Цуьнан некъашна! ХІунда аьлча Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тІехь яздина ду: «Оручу стеран бага дІа ма къовла». Стерчийн бала кхаьчна аьллий те Дала иза?
Выбор основного перевода