Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан безам а, дикалла а дахарал гІоле ду. Хьо хестош, бага юьззина ас илли эр ма ду. Гуттаренна а ца хуьлу Везачу Эло бехк биллар. Гуттаренна а дац Цуьнан оьгІазвахар. КІеззигчу ханна Ас йитинера хьо, амма боккхачу къинхетамца Ас юхаялор ю хьо. ОьгІазваханчохь Сайн юьхь хьох къайлаяьккхинера Ас, амма хедар боцучу безамца Ас къинхетам бийр бу хьох», – боху хьо КІелхьарйоккхуш волчу Везачу Эло. Йоццачу ханна тхан хуьлучу баланаша, цкъа а йовр йоцу сийлалла яхьар ю тхуна. И сийлалла барам боцуш совъюьйлу оцу баланел.
Выбор основного перевода