qac Бqac*илггала Хьох тешна ву со, сан Дела! Со юьхьІаьржачу ма хІоттийтахьа. Сох мостагІий ма кхардийтахьа.
Хьайн халкъ кІелхьара а даккха, Хьайн тІаьхье декъал а е. Церан Іу хилахьа, уьш даим Іалаш а беш.
Харц бахьанашца сан мостагІий баккхий ма бейтахьа. Бахьана а доцуш, со ца везачаьрга вовшашка бІаьргаш ма теІабайтахьа.
Хьайн бакъ кхел ехьа Ахь суна тІехь, сан Веза Дела! Сох кхарда ма кхардийтахьа уьш.