Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауд, шен берриг а ницкъаца воккха а веш, Везачу Элана хьалха хелхавуьйлура, цунна тІеюьйхина гатанан оба бен, хІумма а яцара. Сан дог а дузуш, Ахь суна делла ирс церан чул дукха ма ду, кІа а, чагІар а церан шортта делахь а. ДІадовла уллора, харцонаш лелораш, хІунда аьлча дІахезна Везачу Элана сан велхаран узарш. Аса юха а меттахІоттор ду хьо, йоІстаг санна долу Исраилан халкъ, хьо юхаметтахІоттийна а хир ду. Ахь юха а жиргІанаш еттар ю, самукъане хелхар а деш, хьо лелар ду. «Оцу хенахь зудабераш халхадевр ду, къонахой а, баккхийнаш а самукъане хир бу. Церан гІайгІанех Аса сакъерар дийр ду. Сингаттаман метта Аса царна синтем а, ирс а лур ду.
Выбор основного перевода