Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха цхьаболу левихой Везачу Элан тІорказна хьалха гІуллакх дан дІахІиттийра цо, цаьрга Исраилан халкъан Везачу Далла доІанаш дайтархьама а, баркалла алийтархьама а, хастам байтархьама а. «Схьагулбе Со волчу Суна тешаме берш, сагІа даккхарца Соьца барт бинарш». Сакъералуш хила, Делан лаамехь дерш, Везачу Эло шун дуьхьа мел динчунна! Цуьнан возалла дага а лоцуш, хила Цунна хастамаш беш! Хастам бу Везачу Элана! Лакха Везачу Элана керла эшар, хастам бу Цунна тешаме болчеран гуламехь.
Выбор основного перевода