Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахьан денош Ахь, Веза Эла, дахдехьа, тІаьхьенашкара тІаьхьене шераш а дахдехьа. Цуьнан дахар деха а хуьлуьйтур ду, цунна кІелхьарвалар а лур ду». Цийон-лаьмнаш тІе дуьллу Хьермон-ломан тхи санна ду иза. Цигахь делла халкъана Везачу Эло Шен декъалдар: хедар доцу дахар. Зуламхошца цхьаьна каш кечдинера Цунна, хьалдерг волчохь дІавоьллинера Иза, Цо цкъа а къизалла ца йинехь а, Цуьнан багахь харцдерг дацахь а. Амма Везачу Элан лаамехь дара Иза хьашийта а, Цуьнга баланаш хьегийта а. Нагахь Шен синах Цо гІуда такхаран сагІа дахь, тІаьхьенах берш гур бу Цунна, Цуьнан дахар дах а дийр ду Цо, ткъа Цуьнан куьйгахула кхиамца Везачу Элан лаам кхочушхир бу.
Выбор основного перевода