Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
НеІалт хир ду шух схьадаьллачу чкъурана а, шун лаьттах схьабаьллачу стоьмана а, шун стерчех а, уьстагІех а схьадаьллачу дохканна а. Оцу гІуллакхо ЯрбаІаман цІентІехь мел волчуьнга къинош летадойтура, ткъа и бахьана долуш тІаьхьо цуьнан тІаьхьенна бохам хилира, иза лаьтта тІера дІа а йоккхуш. qac Уqac*ллора дІа ма волу Веза Эла зуламаш дечарна, Лаьттара царах лаьцна долу массо а хІума дІадайархьама. ХІунда аьлча Везачу Элана бакъдерг деза, Шен долахь берш Цо дІа а ца туьйсу. qac Тqac*ешаменаш абаденналц Іалашбийр бу, ткъа Іесачеран тІаьхье дІаэккхор ю. Вукху паччахьех дІакхетар вац хьо кошахь, хІунда аьлча хьайн латта дакъазадаьккхина ахь, хьайн халкъ а хІаллакдина. Цкъа а хьахор яц зуламхойн тІаьхье. «Царна дуьхьал гІоттур ву Со, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Бавелан халкъан цІе а йойур ю, ерриг а тІаьхье а, кІант а, кІентан кІант а хІаллаквийр ву, – боху Везачу Эло. –
Выбор основного перевода