Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цийонан йоІан кевнехь соьга Хьайна хастамаш байтархьама. Воккхавеш хир ву со, Ахьа кІелхьарваккхарна. Веза Эла сан чІагІо ю, со ларвеш долу турс ду Иза. Цунах тешна дара сан дог, тІаккха Цо гІо дира суна. Сан дог доккхадеш ду, сайн иллешца ас хаставо Иза. Веза Эла Шен халкъан гІап а ю, Ша къобалвинчун кІелхьарваккхаран чІагІо а ю. Хьан ницкъах лаьцна ас иллеш эр ду, Іуьйранна хьалххе дуьйна Хьан къинхетам кхайкхор бу, хІунда аьлча суна тІе хало хІоьттича, Хьо сан гІап а, кІелхьарволу меттиг а хилла. Дела, сан ницкъ! Хьо хастор ву ас, хІунда аьлча Хьо сан гІап а, со везаш волу Дела а ма ву.
Выбор основного перевода