Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо соьга элира: «Хьо Сан Ялхо ву, Исраил саннарг, Хьоьгахула Сайна хастамаш бойтур бу Аса». Хьан куьг лаккха хьалаайина ду, Іесачу нахана таІзар дархьама, Веза Эла, амма царна иза ца го. Хьайн халкъе болу кІорга безам гайтахьа, цунна эхь хетийтархьама. Хьайн мостагІашна леринчу цІеро берриш а дІакхоллийла Іесанаш! qac Бqac*ерриге а Якъубан мохк Хьалдолчу Эло хІаллакби. Къа ца хеташ, къизаллица Цо и бохийна дІабаьккхи. Ша дарвеллачохь Цо йохийна дІаяьккхи ЯхІуд-мехкан ерриге а чІагІйина йолу меттигаш. Пачхьалкх а, цуьнан элий а Цо лаьтта охьа ма теси, сийсаз а баьхна, уьш берриш а Цо охьа а ма бехки. «Гур ду шуна, Аса бекхам бо де тІекхочур ду, ткъа иза йогу пеш санна хир ду. ТІаккха кураллаш еш берш а, харцонаш лелош берш а – берриш а ча санна хир бу, уьш тІедогІун долчу дийно багор бу, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – церан я орам, я гаьннаш дуьтур дац.
Выбор основного перевода