Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш лар а бе, кхочуш а бе, хІунда аьлча цунах кхечу халкъашна гур ду, шун хьекъалалла а, кхетамалла а дуйла. И массо а парзаш шайна дІахезча, цара эр ду: „ЭхІ, хІара сийлахь къам ма хьекъале а, кхетаме а халкъ ду!“ Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду. Хан тІееача, церан ког галбер бу. Церан хІаллакьхиларан де герга ду, церан къемате кхоллам тІекхочу“. Ас Сайн пхерчий цІийх дузор ду, байинчеран а, йийсарехь болчеран а цІийх. Сан туьро дилха дІа а кхоллур ду, оцу хаьржинчу мостагІийн хьаькамийн кортош’“. Яккхийе, стигалш, Везачу Элаца цхьаьна! Цунна хьалха охьатаьІийла стигалшкахь мел берш! Даккхийде, къаьмнаш, Цуьнан халкъаца цхьаьна! ЧІагІлойла Делан долу массо а маликаш! Цо бекхам бийр бу Шен ялхошна тІера, Цо бекхам бийр бу Шен мостагІашна, Шен лаьттан а, Шен халкъан а къинош дІадохур ду!» Цо Шен халкъ, маІа санна, нуьцкъала хилийтира, хастамаш бан бахьана хІоттийра Шена тешаме мел болчарна – Шена уллора халкъ долчу исраилхошна. Хастам бу Везачу Элана! Уьш цу тІехь цхьанххьара а кхерам боцуш бехар бу, цара цІенош а дийр ду, кемсийн бошмаш а югІур ю. Уьш кхерам боцуш Іийр бу, царна кхиссарш еш хиллачу, царна гонахарчу массо а къаьмнашна тІехь Ас кхел йича. ТІаккха хуур ду царна, Со церан Веза Дела вуйла». Шуна хууш дац ткъа, Делан наха йийр юйла дуьненна а кхел? Нагахь шуьга дуьненна а кхел йойтур йолуш хилча, шайн кІезиг долчу гІуллакхашна кхел ян говзалла яц те шун? Шуна ца хаьа, вай йийр юйла маликашна а кхел? ТІаккха дахаран гІуллакхашна тІехь еш йолу кхел-м муххале а вай йийр ю. Толам а баьккхина, Сайн Ден Іаршана уллохь долчу паччахьан гІанта тІе Со охьахааре терра, толам баьккхинчунна бакъо лур ю Ас Сайн Іаршана уллохь долчу паччахьан гІанта тІе охьахаа.
Выбор основного перевода