Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Вайн Далла ала иллеш, вайн Паччахьна ала уьш. Дуьйло, Далла хьалха охьатаьІар вай, вай кхоьллинчу Везачу Элана хьалха горахІуьттур вай. Царна хьалхāхула, пенаш а дохош, Дела чекхвер ву. ГІалин ков доха а дина, арабевр бу уьш. Церан паччахь царна хьалхаваьлла дІагІур ву. Ткъа церан коьртехь Веза Эла хир ву. Везачу Эло боху: «ЧІогІа хастамаш бе, Цийонан йоІ! хазахетарца цІогІа тоха, Ярушалайман йоІ! Хьажал, хьан паччахь ву хьо йолчу вогІуш! Нийса а, толам баьккхина а ву иза. Делахь а цуьнан эсала амал ю Иза вирана тІехиъна вогІу, боьршачу вирбокъана тІехиъна вогІу!
Выбор основного перевода