Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо ма-бохху дира: хьеха чуьра пхи паччахь схьавалийра: Ярушалайман а, Хьевронан а, Ярмутан а, Лахишан а, ІегІлонан а паччахьаш. Шена тІе и паччахьаш схьабалийча, массо а исраилхочуьнга схьа а кхайкхина, шеца леллачу тІемалойн хьаькамашка ЮшаІа элира: «ТІе а гІой, шайн когаш цу паччахьийн вортанаш тІе баха». Цара, тІе а бахана, паччахьийн вортанаш тІе когаш бехкира. ЮшаІа а, исраилхоша а Йордан-хина малхбузехьа долчу латтанаш тІера паччахьаш хІаллакбира. Ливанун тогІи чохь йолчу БаІал-Гад-гІалина тІера СеІирна уллохь болчу Хьалакх-лома тІекхаччалц дара и латтанаш. ЮшаІа исраилхошна, церан тайпанашка хьаьжжина, дІаделира уьш. Адани-Безакх ведда кІелхьарвала гІоьртира, амма кхара, цунна тІаьхьа а бевдда, иза схьа а лаьцна, цуьнан куьйгийн а, когийн а нана-пІелгаш дехира. Адани-Безакха элира: «Аса кхузткъе итт паччахьан куьйган а, когийн а нана-пІелгаш дІахедийна, цара сан шуьнна гонахара цуьргаш лехьийна. ХІинца Дала соьца а и гІиллакх хІоттийна». Адани-Безакх Ярушалайме дІавигна, циггахь цуьнан кхалхар а хилла.
Выбор основного перевода