Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сайн багахула кхайкхира со Цуьнга, сайн маттаца лакхаваьккхира ас Иза. Тхайн тІемашкахь оха леладо герзаш кху дуьнен чуьра герзаш дац. Мелхо а, Дала цу герзашна Шен ницкъ белла, цаьргахула тхоьга гІепаш хІаллакьяйтархьама. Мекара ойланаш а, КІелхьардовларан гІем а схьаэца. Делан Синан тур а схьаэца – иза Делан дош ду. Делан дош дийна а, ницкъ болуш а, шина агІор ира долчу туьрал ира а ду. Иза вайна чукхочу, дагах ойланаш а, даьІахкех тІум а дІа а къастош. Вайн лаамашна а, дагахь долчунна а кхел йо цо. Цуьнан аьтту куьйгахь ворхІ седа бара. Цуьнан багара схьадолура шинна а агІор ира долу тур. Цуьнан юьхь а, шен нуьцкъалаллин нуьрехь болу малх санна, лепаш яра.
Выбор основного перевода