Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тхан Дела! Ахьа кхел ехьа царна. ХІунда аьлча тхуна тІегІоьртинчу оццул дукха болчу царна дуьхьалдовла ницкъ бац тхан. Тхаьш хІун дан деза ца хаьа тхуна, амма тхан бІаьргаш Хьоьгахьа бирзина бу!» Ларийша кІант, Иза оьгІаз ца вахийтархьама а, шаьш хІаллак ца дайтархьама а шайн новкъахь. Цуьнан оьгІазвахар цІеххьана чІагІлур ду. Декъала бу Цуьнга шаьш ларбойтурш массо а! Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Везачу Эло со ларвар лоьху аса. ХІунда олу аша сан сине: «Олхазар санна, тІема а далий, шайн лома тІе дІагІо? qac Рqac*ечІанна чуьра сан когаш Цо схьабахарна, сан бІаьргаш даим а Везачу Элехьа бирзина бу. Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа. Хьо оьгІазвахханчохь Хьайн лай дІа ма таттахьа. Хьо сан гІоьнча вара. ДІа а ма таттахьа, дІа а ма тасахьа со, ва сан Дела, сан КІелхьарвоккхург! Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Хьоьга хьалахьажабо ас сайн ши бІаьрг, стигалшкара паччахьалла деш Верг! Лай шен олахочуьнга ма-хьежжара, зуда-лай шен зуда-олахочуьнга ма-хьежжара, вайн Везачу Деле хьоьжуш ду вай, Цо вайх къинхетам баллалц.
Выбор основного перевода