Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьа Іахар Іуьйранна баккха, важа сарахь баккха. ШолгІа Іахар сарахь, сагІа санна баккха, ткъа цуьнца хьалхарчуьнца санна долу кхачанан сагІа а, чагІаран сагІа а даккха. Иза цІера тІехь даьккхина сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. Цу кхерчана тІехь АхІарона хаза хьожа йогІу хІума ягор ю. ХІора Іуьйранна, къуьданаш цІандечу хенахь, цу кхерчана тІехь хаза хьожа йогІу хІума яго еза АхІарона. Сарахь а, ша къуьданаш латош, оцу кхерчана тІехь яго еза цо хаза хьожа йогІу хІума. ТІейогІу йолчу хенахь Везачу Элана хьалха аш гуттар а дан дезаш ду иза. qac Еqac*рриге а сайн ойла Ахь деллачу парзашна тІеерзор ю аса, сайна дезаделлачу Хьан весеташна куьйгаш тІекхийдор ду аса. Делан цІийне куьйгаш а кховдадай, Везачу Элана хастамаш бейша. Цу хенахь оцу цІенна хьалха дукха адам гулделлера, шаьш гуттар а ма-дарра, цхьаьна ламаз дан. Цундела суна лаьа муьлххачу меттехь а доІанаш божарша дойла. Хьалаайинчу куьйгашца доІа деш болу уьш цІена а, Далла тешаме а оьгІазе а боцуш, къийсамаш ца беш а хила беза. ТІаккха, Цо и тептар караэцча, диъ дийнат а, ткъе виъ къано а Іахарна хьалха охьавуьйжира. Цаьргахь хІорангахь а мерз-пондарш а, дашо боганаш а дара. И боганаш хаза хьожа йогІучу хІуманах дуьзна дара. Боганаш чохь дерш Делан долахь болчеран доІанаш дара. ТІаккха кхин а цхьа малик деара. Цуьнан карахь хаза хьожа йогІу хІума чуюьллу дашо яй бара. И малик сагІа доккхучу кхерчана хьалха дІахІоьттира. Иштта алссам хьожа йогІу хІума а елира оцу малике. Иза елира, Делан долахь болчу массеран а доІанашца цхьаьна, Делан Іаршана хьалха лаьтташ болчу сагІа доккхучу дашо кхерчана тІе Далла лерина долчу сагІина охьайиллархьама.
Выбор основного перевода