Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цигара ша дІавахча, Дауд, Іейн-ГІади йолчу а вахана, цигахь йолчу чІагІйинчу меттигашкахь зама йоккхуш вара. Шаул пІелаштамхой болчуьра юхавирзича, цуьнга хаам бира: «Дауд Іейн-ГІади олучу яьссачу аренгахь ву», – аьлла. Иза, массо а ЯхІуд-махкара схьагулвина волу кхо эзар тоьлла боьрша стаг шеца а волуш, ДаудгІар лаха вахара. Иза «масарийн тархаш» цІе йолчу меттигна уллохь дара. Уьш некъан йистехь лаьтташ йолчу уьстагІий чулохкучу керта кхечира. Цигахь гена йоццуш хьех яра. Шаул шен гІуллакх дан цу хьеха чу вахара. Ткъа Дауд а, цуьнца берш а геннахь цу хьеха чохь Іаш бара. Даудаца болчара цуьнга элира: «ХІара ду хьуна Везачу Эло хьоьга дийцина долу де: „Аса хьан мостагІа хьан кара дІалур ву. Хьайна луъург де цунах“». Дауда, хьала а гІаьттина, Шаулан тІехула юхучу бедарх кийсак схьахадийра. Ша и хІума дар бахьана долуш дага чу лазам боьссира Даудана. Цо шеца болчаьрга элира: «Везачу Эло доьхкийла суна Ша къобалвина волчу сан олахочунна тІе куьг дахьар, хІунда аьлча иза Везачу Эло къобалвинарг ву». Цу дешнашца цо шеца берш сацийра, Шаулна тІе куьг ца кховдадойтуш. Ткъа Шаул, хьала а гІаьттина, хьеха чуьра ара а ваьлла, некъа тІе велира. Дауд а хьалагІаьттира. Хьеха чуьра ара а ваьлла, цо Шаулна тІаьхьа мохь туьйхира: «Сан паччахь волу олахо!» – аьлла. Шаул юхахьаьжча, Дауд, цунна лаьтта кхаччалц охьа а таьІна, гора хІоьттира. Дауда Шауле элира: «„Дауд хьуна зулам дан гІерташ ву“ – бохуш, хьайга мотт беттачу нахе ла хІунда дугІу ахьа? Тахана хьан бІаьргашна гуш ма ду, эццахь йолчу хьеха чохь Везачу Эло хьо сан кара схьавелла хилар. Соьга, хьо ве бохуш, хьехарш деш берш а бара хьуна. Амма аса, хьох къинхетам беш, элира: „Аса сайн олахочунна тІе куьг хьур дац, хІунда аьлча иза Везачу Эло къобалвинарг ву“. Сан да! Сан карахь йолчу хьайн бедаран кийсаке хьажахьа, аса схьахадийна йолчу. И аьтто сайна баьлла боллушехь, аса хьо ца вийра. ХІинца мукъана а хаахьара хьуна сан дага чохь хьо бахьана долуш я вон хІума а, я ямартло а йоцийла. Аса хьо бахьана долуш къа ца латийна, ткъа хьо сан синна тІаьхьаваьлла ву, иза дІадаккха лууш. Везачу Эло къастайойла вайшиннан юкъаметтиг. Дала бекхам бойла хьуна со бахьана долуш. Амма сан куьг-м хьакхалур дац хьох. Хьалхалерчу заманчохь ма-аллара: „Зулам зуламечу нахера бен ца долу“. Аса хьуна тІе куьг хьур дац. Хьанна дуьхьалваьлла Исраилан паччахь? Хьанна тІаьхьаваьлла лелаш ву хьо? Деллачу жІаьлина тІаьхьаваьлла, цхьана сагална тІаьхьаваьлла? Везачу Эло Шен кхелаца нийсо йойла вайшинна юкъахь. Цо, Ша тІе а хьаьжна, сан гІуллакх къастор ду, со хьан куьйга кІелхьара схьа а воккхуш». Дауд и дешнаш дІааьлла ваьллачул тІаьхьа, Шаула цуьнга элира: «Хьан аз дуй иза, сан кІант Дауд?» Цул тІаьхьа Шаул мохь туххуш велха волавелира. Цо Дауде элира: «Хьо сол бакъ ву, хІунда аьлча хьо суна дика деш схьавеана, ткъа аса хьуна вонаш дина. Тахана ахьа иза гайти. Везачу Эло со хьайн кара дІавелла воллушехь, сох къинхетам а бина, ахьа со вен ца вийра. Хьан вохуьйтур вара шен мостагІа, шена каравеача, маьршачу новкъахула дІа? Везачу Элера ял хир ю хьуна ахьа тахана сан дуьхьа динарг бахьана долуш. Суна хІинца хаьа паччахьалла хьоьгахь хир дуйла а, Исраилан пачхьалкх хьан карахь чІагІъелла дІахІуттур юйла а. Ткъа хІинца Везачу Элан цІарах дуй баа беза ахьа суна, со веллачул тІаьхьа сан хІу айхьа хІаллакдийр дац аьлла а, сан ден доьзалан цІе йовр яц аьлла а». Дауда Шаулна и чІагІо йира. Шаул шен цІа вахара, ткъа Дауд шеца болчаьрца шаьш чІагІйинчу меттиге хьалавелира.
Выбор основного перевода