Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан мостагІашна а гуш, суна хьалха кхача биллина Ахь. Сан коьртах даьтта хьаькхна Ахь. Сан кад а тІех буьзна бу. доттагІа я ваша и волуш санна, гІайгІане хуьлура со. Сайн ненан тезетахь санна, корта а оллийна, халахетта хуьлура со. Сан шайга болчу безамна дуьхьал цара со харцахьа бехкево, ткъа аса царна тІера доІанаш до. Цундела нахах кхаьрдаш волчух бехк ма баккха – цуьнан хьоьга цабезам кхоллалур бу. Амма ахьа хьекъал дерг нисвахь, цуьнан хьоьца ларам хир бу. Ша нисвар дезаш волчунна хаарш а деза, ткъа шена тІехбеттам бар ца дезарг сонта стаг ву. Нахах кхаьрдачунна ша нисвар ца деза, хьекъал долчарах дага ца волу иза. Кхаьрдаш волчу стагана таІзар дича, бодане нах а меттабогІу, ткъа хьекъал долчух бехк баьккхича, цуьнан кхетам совбер бу. Хьекъал долчу стеган нисваран дош дашочу чІагарал а, уггар цІеначу деших динчу туьтел а деза ду ладогІа хуучу лергана. Ма-дарра олучу дешнашца стаг нисвар гІоле ду, доттагІчуьнга болу безам къайлабахьарал. Хьо везачо доху бехкаш бакъ ду, хьо ца везачо йоху обанаш харц ю. Сонтачийн иллешка ладуьйгІучул дикаха ду хьекъал долчун тІехтохамийн тергам бар.
Выбор основного перевода