Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Хьуна тамехь ду те суна гІело яр а, Хьайн куьйгаша виначух кхардар а, ткъа Іесачийн ойланех Хьо воьлуш хилар а? Хьан куьйгаша кеп йина а, кхоьллина а ма ву со, кхачаме а, цІенна а, ткъа хІинца хІаллак хІунда во Ахьа со? Хьо кхойкхур вара, ас Хьуна жоп а лур дара, Хьайн куьйгаша кхоьллинчу сох хьоьгуш хир вара Хьо. Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа. Хьо оьгІазвахханчохь Хьайн лай дІа ма таттахьа. Хьо сан гІоьнча вара. ДІа а ма таттахьа, дІа а ма тасахьа со, ва сан Дела, сан КІелхьарвоккхург! Веза Воккхачу Деле кхойкхур ву со, Шен Іалашо суна лерина кхочушъечу Деле. Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна. Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Со теша, шуна чохь и дика гІуллакх дан Долийначо, Дала леррина къобалвина Іийса вогІун волу де тІекхаччалц, иза кхочушдийр дуйла.
Выбор основного перевода