Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца хиъна суна Везачу Эло Ша къобалвинарг кІелхьарвоккхийла. Шен сийлаллин стигалшкара Цо жоп ло цунна Шен нуьцкъалчу кІелхьарвоккхучу куьйгаца. Сан синна ницкъ а луш, Шен цІеран дуьхьа со нийсачу новкъа воккху Цо. Іожаллин ІиндагІ долчу тогІи чухула со дІагІахь а, вонах кхоьрур вац со, хІунда аьлча Хьо соьца ву. Хьан некъан Іасано синтем ло суна. Дукха а, луьра а халонаш гойтура Ахь суна, амма юха а со денвийр ву Ахь, лаьттан кийрара гІаттор ву. Со хьуна дуьхьалваьлла, Бавел! Хьо дерриг а дуьне хІаллакдеш болу лам санна ю, цундела Ас хьуна тІе Сайн куьг хьур ду, хьо терхеш тІера лаьтта охьа а кхуссуш. Хьо багийна болу лам хир бу.
Выбор основного перевода