Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисканаш Ахьа кІелхьарбоху, ткъа цабашарца хьоьжурш Ахьа охьатаІабо. Мила ву вайн Везачу Делах тера верг, лакхаллашкахь Іаршана тІехь Іаш волчу а, стигалшка а, лаьтте а хьажархьама, лохха охьатаьІаш волчу а? Кхечу нахах кхаьрдачех Иза а кхаьрда, амма ша кІезиг хеташ Іаш волчунна Шен дика ло Цо. ХІунда аьлча иштта боху Лекхачо а, Лакхаваьккхинчо а, абаденналц Вехаш Волчо а – Везаниг ю Цуьнан цІе: «Со лекхачу а, езачу а меттехь Іаш ву. Дог доьхнарш а, синца муьтІахь берш а бу Соьца. Ас синца муьтІахь болчеран са метта а далор ду, дог доьхначеран дог метта а далор ду. хІунда аьлча Цуьнан лай йолчу сан кІезиг хиларан тидам бина Цо! ХІинца массо а тІаьхьенаша сох декъалниг эр ду, Амма Дала кхин а доккха дика дина вайна. Цундела аьлла ду: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кІезиг хеташ Іаш болчарна Шен дика ло Цо». Ткъа шу, кегийнаш, тхьамданийн лаамехь хила. Вовшашна муьтІахь а долуш де гІуллакх, хІунда аьлча: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кІезиг хеташ Іаш болчарна Шен дика ло Цо».
Выбор основного перевода