Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аьлла-кх Ахьа: „Сан цІе кху чохь хир ю“. Доьху Хьоьга, хьажадойла Ахьа Хьайн бІаьргаш хІокху цІенна тІе дийнахь а, буса а! ЛадугІийла Ахьа Хьан лай волчун доІане, иза, хІокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь. ДІахозийла Хьуна Хьайн лай волчун доІа а, Хьайн Исраилан халкъан доІанаш а, цара, хІокху меттехьа а бирзина, Хьайга доІа дечу хенахь. Хьо стигалшкахь Іаш ву, ткъа оха доьху Хьоьга, цигахь тхан доІа дІа а хазий, гечдехьа тхуна. Ткъа со, Хьан хедар боцу безам бахьана долуш, Хьан цІа чу вер ву, гора а хІоьттина, Хьан дезачу цІа чохь Хьох кхоьруш лаьттар ву. Сан доІанаш дІахазалахь ас Хьайга орца дохучу хенахь, Хьан дезачу цІийне ас куьйгаш ойучу хенахь. Хьан нийса хилар сайн даг чохь къайла ца доккхура аса. Хьо тешаме хиларх а, Ахь кІелхьарваккхарх а лаьцна кхайкхадора аса. Боккхачу гуламна хьалха Хьан хедар боцу безам а, Хьан билггал бакъдерг а ца хьулдора аса. Веза Эла, сох къинхетам бар Ахьа цкъа а ца сацадо. Хьан безамо а, тешаме хиларо а саццаза ларвойла со, Даудан хастаман назма. qac Аqac*с хастор ву Хьо, сан Паччахь волу Дела. Хьан цІе декъалйийр ю ас массо а хенахь. Шен нийсонан дуьхьа Везачу Элана лиира, товрат-хьехам айа а, иза хасто а.
Выбор основного перевода