Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІело йиначарна Веза Эла гІап санна а ву, баланаш тІехІиттинчу заманахь тІетовжа меттиг а ю. Со-м къен а, миска а ву. Хьалдолу Эла, сан гІайгІа бехьа! Хьо ву суна гІо дийриг а, со паргІатвоккхург а. Ва сан Дела, хье ма лохьа! Дела – вайн дІалочкъийла а ю, вайн ницкъ а бу, вай де доьхна хьаьвзича, гуттар а кийча волу гІоьнча а ву. со къайлавоккхург а Хьо волу дела, сан мостагІашна дуьхьал онда бІов санна а Хьо волу дела. Цо олу Везачу Эле: «Хьо сан гІап а, ха а ду, сан дегайовхо Хьайца йолу Дела а ву!» Со Хьоьга кхайкхира, Веза Эла, ас элира: «Сан чІагІонан меттиг а, дийначийн лаьтта тІера сан дакъа а Хьо ду».
Выбор основного перевода