Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна зуламе берш суна тІегІортахь, со дІакхаллархьама, сан мостагІий тІелатахь, уьш, ког таса а белла, шаьш охьаоьгур бу. Хьо къобал ца вечу халкъашна тІе хьажаехьа Хьайн оьгІазалла, Хьуна Іамал ца ечу пачхьалкхашна тІе хьажаехьа Хьайн дералла. Шуна хІумма а ца хаьа, шу ца кхета, шу боданехь санна лелаш ду, шун когаш бухара латта леста. Старана шен да вевза, вирана шен хІусамден хьаьвда девза, ткъа исраилхошна Со ца вевза, Сан халкъ ца кхета». ДоІанехь Хьоьга кхойкхуш я Хьох катоха гІерташ цхьа а вац. Цундела Хьайн юьхь тхох къайлаяьккхина Ахь, тхайн къинош бахьанехь тхо хІаллакьхила а дуьтуш. Везачу Эло боху: «Сан халкъ сонта ду. Цунна Со ца вевза. Сонта бераш санна ма ду иза. Сан халкъ кхетам боцуш ма ду. Цуьнан вон дан говзалла кхочу, амма дика дан цунна ца хаьа». Хьайн дералла охьаІанаехьа Хьо вовзаза долчу къаьмнашна тІе, Хьайга ца кхойкхучу халкъашна тІе. Цара Якъубан тІаьхье дІакхаьллира, цаста а цестина, и къам дІа а кхаьллина, иза Іаш болу мохк бассийна цара. Уьш массо а оьгІазаллех кхехкаш бу. Цара шайн куьйгалхой дІакхоллу. Церан массо а паччахьаш тІекІел охьаэгна, ткъа цхьа а стаг Соьга гІо доьхуш ца кхойкху». Сан халкъан дилха аша доу, царна тІера цІока йоккху, ткъа церан даьІахкаш кегйо. Кхаби чу кхуьссуш санна, оту, ткъа жижиг, яй чу тосуш санна, хедадо».
Выбор основного перевода