Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Зипахоша, Шаулна тІе а баьхкина: «Тхо долчохь къайла-м ца ваьлла те Дауд?» – аьллачу хенах лаьцна. Ва Дела! Хьайн цІарца кІелхьарваккхахьа со, Хьайн ницкъаца бехказаваккхахьа со. Ва Дела! Сан доІа хазахьа, сан багара дешнашка ладогІахьа. Хийра нах дуьхьалбевлла суна, нуьцкъалчара сан са лоьху. Цу нехан Дела вац. Дела сан гІоьнча ву. Везачу Эло дог чІагІдо сан. Сан мостагІаша дина зулам царна тІе юхадерзадехьа, Хьо тешаме хиларна, хІаллакбехьа уьш. Яздина ма ду: «Далла хьалха цхьа а бакъ вац. Цхьа а кхетам болуш а вац, цхьа а Дела лоьхуш а вац. Массо а адамаш Делах дІадирзина, берриш а галбевлла бу. Цхьа а диканиг дийриг вац, ур-атталла цхьаъ-м вац. Дозаллаш дарца Іесачунна моьтту, ша цхьаммо а жоьпе озор вац, Цуьнан цхьана а ойланехь Дела вац. Кхардамца кхечарах лаьцна вон къамелаш до цара. Дозаллаш дарца нахана гІело яран ойланаш йо цара.
Выбор основного перевода