Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делахь а, хьох диканиг доллуш а карийна Цунна, хІунда аьлча, ЯхІуд-махкара Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш дІа а даьхна, хьайн дог Дела лахарна тІедерзийна ахьа». Йийсарера юхадирзинчу массо а Исраилан халкъо и Пасахьан кхача биира. Исраилан халкъан Везачу Далла Іибадат дан кхечу къаьмнаша лелош долчу хьарамчу хІуманех шаьш дІакъастийначара а йоура Пасахьан юург. Веза Эла стигалшкара охьахьоьжу, массо а адамийн кІентий го Цунна. Даккхий ду Хьан гІуллакхаш, Веза Эла, кІорга ю Хьан ойланаш! Лакхенгахь йолчу Шен езачу меттера Веза Эла охьа а хьаьжира, стигалшкара дуьнене Цо бІаьрг а туьйхира, ХІара хаам Везачу Элера бу: ХІадрах-махкахь а, Дамасакх-гІалахь а соцур ву Веза Эла. Исраилан массо а тайпанаш тІехь санна, Цуьнан бІаьрг массо а адамашна тІехь бу.
Выбор основного перевода