Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъана кІелхьардалар Цийон-лома тІера догІур делахьара! Шен халкъ Везачу Эло юхаметтахІоттийча, Якъубан тІаьхьенан сакъералур дара, Исраилан халкъан самукъадер дара. qac Іqac*ийжам беш йолчу цуьнан ерриге гІайгІанех, Дела, паргІатдаккхахьа Исраилан халкъ. Со-со ву шун къинош дІадойуш Верг. Ас иза Сайн дуьхьа до. Шун къинош кхин дагадохкуьйтур дац Аса. Ас хьан зуламаш, дохк санна, дІадаьхна, Ас хьан къинош, марха санна, дІадайина. Юхаверза Суна тІе, хІунда аьлча Ас мах баларца паргІатваьккхина хьо». Исраилан халкъ Везачу Эло кІелхьардоккхур ду гуттаренна а долчу кІелхьардаккхарца. ТІейогІучу хенахь цкъа а юьхьІаьржачу хІуттур дац и халкъ. Цо кІант вийр ву. Цуьнан цІе Іийса тиллалахь, хІунда аьлча Цо Шен къам къинойх кІелхьардоккхур ду». «Декъала хуьлда Эла, Исраилан халкъан Дела, ван а веана, Шен халкъ безачу мехах паргІатдаьккхина. Цо вайн дуьхьа Шен дахар дІаделла, вай муьлххачу а зуламех паргІатдахархьама а, Шен долахь долу а, дикачунна тІегІиртина долу а халкъ къинойх цІандархьама а.
Выбор основного перевода